Беза, бовза хьайн Даймохк
Дезна суна лекха лаьмнаш
Лаьмнех дуьйлу шовданаш.
ЦIена Iалам, юькъа хьаннаш,
Сан Даймахкан аматаш…
Со бер долчу хенахь дуьйна, боккха лаам бара сан, цкъа вахана Даймохк бустуш, Нохчийчоьнан массо меттехула, вайн лекхачу лаьмнийн, тIехь хьаннаш кхуьучу раьгIнийн исбаьхьа, хаза меттигаш йовза а, уьш сайн бIаьргашца ган а. Цаьрга доггаха хьажа лууш, Iаламо дIавоьхура шен цIена хIаваъ мийла. ТIаьхь-тIаьхьа дог карзахдуьйлура, и сан лаам кхочушбан лууш. Хийла байташ а язйора ас, цу лаьмнех лоций, геннара схьагучу хьесапехь, ойлано хьийзош. Амма и сан деган лаам кхочуш ца хуьлуш, гIан санна сиха дIадевлира сан бераллин шераш. ГIеметта а хIоьттира со, изза ойла хийца ца луш, дахаро лаьцна, къинхьегаман хьаьттахь белхалошца йохьалле вуьйлуш, доккха зеделларг лоьхуш.
Амма кхин а чехка уьдура денош, дагардан а ца ларош, хIора а шарахь бIаьстенаш йохкуш лаьмнашка ваха.
Иштта и лаам кхочушбан йиш ца хуьлуш, сан 40 шо а дуьзира, цул тIаьхьа махка тIом беъна хаьрцира ас йохаллехь хала йоьттина сан сатийсаман гIала. Сан халкъах хьаьрчира къизаллин бала. Кеманаша бомбанаш чу Iенош, маьI-маьIIехь херцара цIенош. Лаьмнашкахь декара дур-р. Ткъа, лаьтто, хIоъ-молхий худуш, шена тIеоьцура лазар. Лаьмнаша, шайн дера чевнаш а лечкъош, шаьш кура латтарца, ир-кара дохура дог. Амма, сан кийрахь лозура и.
Хьомсара сан Даймохк
Суо ирсе хета,
Хьо мел бу вехаш ву
Дуьненчохь со.
Хьуна мел кхоьссинарг
Сан дагна кхета,
Сан дог а лазадо
Лазийча хьо…
Амма, шеко йоцуш, тешара дог Даймехкан балийна мел делхахь а кийрахь. Собаро са дууш кхехкара яхь. Тешара Даймехкан хиндолчу ирсах, бIаьстенан юьххьехь цо шен заза доккхург хиларх. Чекхбелира хьалхара тIом. Сан лаам кхин а совбелира лаьмнашка ваха. Лаьара оцу лаьмнашна хилла чевнаш ган, йовза. Царна тIе къинхетаме бIаьрг а хьажош, сайн бIаьргашца ган.
Хьалхара сан лаам кхочушхилира 1998-чу шеран 8-чу августехь дуьйна кхо-де-буьйса лаьцна.
Тхешан жамаIатан маьждиге лелаш болчу накъостех пхийттех стаг вовшах а кхетта (со массарел воккханиг а волуш), цигахь даго дечиган бист кхаччалц юург-мерг а кечйина, масех машенахь хьаладахара тхо.
Тхо духхьара шина регIана юккъе дулучохь, Сиржа-Эвлан йистехь, обарг Зеламхана, шен говраца цхьаьна йоьгIна йолчу памятникана уллехь суьрташ дахийтира оха. Цул тIаьхьа Хорачу кхаьчча Зеламха ваьхначу метте а, ломахь и дIатарвелла Iийначу, хара йолчу лома а хьаьвсира тхо. Тхоьца видео-камера а, сурт доккхург а, турмал а яра.Цигара Къоьзана Iома тIе хьаладахара тхо. Суо Дала дуьнен тIе ваьккхичхьана сайна ур-аттала гIенах дуьхьал а ца тесна йолу хазалла гира суна цигахь. Дуьненан ялсамани хийтира суна цигара Iаламан сурт. Ма-дарра цуьнан сурт хIотто говзалла а ца карайо суна. Делахь а, тхайн хилларг-лелларг хьахо хьожур ву со.
Хьалха, «Турбаза» хиллачу меттехь волейбольни майданахь четар а тоьхна дIанисделира тхо. Дуьххьара тхайн лулахой муьлш бу хьаьвсира тхо. Уьш бара тхо санна садаIа баьхкина, цхьана агIор Куршлойн-Эвлара а, вукху агIор Йоккхачу АтагIара а кегийрхой. Цу уллохь хIун юрт ю-те аьлла машенахь дахча, гена йоццуш, Хой цIе йолуш, бIаьвнаш а йолуш, жима кIотар а яра, шена чохь бехаш кIеззиг бахархой а болуш.
Иштта даккхийдерца дIаелира тхан дуьххьарлера буьйса а. Пхьуьйра ламазана молла а кхайкхина тхо жамаIат ламазана дIахIитта дагахь долчу хенахь, Iаламат, суна цкъа а ца хезначу хазачу мукъамехь, гондIахьарчу лаьмнаша тIаьхьара олуш санна, цхьанхьара зевне декарца, молла кхойкхуш аз тIедеара тхуна, Къоьзана Iомана дехьара схьа. ЧIогIа сакIамделира тхан цига даха. Амма, гондIара меттиг дика евзаш цахиларна, тIехIоьттинарг буьйса а хиларна, и лаам кхочушбойла ца хилира тхан.
Хьалхара буьйса чIогIа шийла еара (я тхуна хетара а хаац дуьххьара лаьмнашкахь долу дела). ШолгIачу дийнахь уггаре а хьалха, хи чохь долчу пийсиг хьокхучу лодкаший, пидалаш хьовзочу «катоморанкиний» тIеховшалуччул тIе а хевшина, Къоьзана Iома дехьарчу бердаца садоIуш болчарна тIедахара тхо, сийсара хаза молла кхайкхинарг вовзар Iалашо йолуш. Иза хиллера Хьиди-КIотарара баьхкинчаьрца, Дела реза хуьлда цунна (цуьнан цIе йицъяларна бехке ву со).
Шен хьеше довха куьг кховдош,
Вайнехан гIиллакх ду тоьлла.
Хьешаца ца хилла дов, дош,
Лийрина бехке ву аьлла.
Даиман беркат а хеташ,
Сан дайша лийрина хьаша.
Хьешана, шенна цIа кечдеш,
Я цунна ца кхоош кхача…
Нисса тхо ламазана тIе доьрзуш болу, къилбехьа агIор 800 метр лекха хир болу, шена тIехь хьала кхуьуш диттийн кондарш а йолуш (хьалха цу тIехь цкъа а ца хилла боху дитташ) сеналлица кхелина болу исбаьхьа хаза лам, бийца, цуьнан ма-дарра сурт хIотто басар карор а дацара. И хаза лам болу агIо хIинца а суьйлашца кхоччуш доза къастийна а яц, бохуш дуьйцура турбаза лаьттинчохь хехь волчу цхьана воккхачу стага.
Цкъа а дицлур дац суна оха цигахь самукъадолуш даьккхина кхо де-буьйса. Ткъа жималла а, могашалла, шегахь похIма дерг-м муххале а Iалур варий Даймахках лаьцна довха дош ца олуш? Iалур вацара, хьанора! Я со а ма ца Iавелира, цунах дага ца ваьлча.
Хьажахьа, вайдаха,
Хаза-м бу Даймохк!
Даим и хилла-те
Иштта хаза?
Дог хьостуш тIехьоькху
Юьхьдуьхьал бай мох,
Исбаьхьчу бошмаша
Доккху заза.
Буьйсанна батто шен
Нур хьоьрсу хьуна.
Малхо шен зIаьнаршца
Лийчабо хьо.
Илланчийн пондаран
Аз ду хьо суна.
Хьо безар марзонна
Сакъерало.
Хьан цIена хIо мелча,
ДегIехь ницкъ деба.
Шовданах къурд бича
Хьогалла йов.
Хьан стоьмийн хьурматех
Синош ца Iеба.
Хьан лаьмнийн догIа ду,
Ламанан бIов.
Хьовсийша, вайдаха,
Хаза-м бу Даймохк.
Даим а хилла бу
Иштта хаза!
Сил аьхна схьахьоькху
Юьхьдуьхьал байн мох.
Де-дийно кхин хаза
Доккху заза.
Лечкъош йина дера чевнаш,
Курра лаьтташ ду сан лаьмнаш
Сил-сил хилла юьйцуш хенаш
ГIаролехь ю царна бIаьвнаш…
Мамакаев Iаьрби. Даймохк
Мамакаев Iаьрби. Даймохк
No media source currently available
БIаьстенан Iаламо хаздо шу, ламанаш,
Гуьйренан салоно токхдо шу, ламанаш,
Мокхазах суй санна, шух ваьлла волчунна
Там хилла, маьлхан де го суна ва тахна.
Йийначу кондарийн вовшашца кхелина,
Сирлачу шовданийн хьесашца ерина,
Сан дагна сел езна Даймехкан аренаш,
Шул мерза хIун хир ду яхь йолчу дагна!
Ва хьоме Даймохк!
Хьан сирлачу некъашкахь
Уьншарехь дуьйна хьайн хиллачу декхаршлахь,
Дуьненан некъ гойтуш, халкъийн ирс кхолларна
Са яла дан дезарг хьехахьа ва тхуна.
Дуьххьара дуьненна дIадаккха бода-дохк
Ирсан некъ гайтина, ва нана – тхан Даймохк,
Шен нана санна, хьо
Марзонца безна верг
Зен вовр вац – теша со –
Декъала хуьлда хьо!
Мамакаев Ӏаьрби вина 1918 шеран гIуран-беттан 2-чу дийнахь Лаха Нёврехь. Мамакаев Ӏаьрби – нохчийн яздархо а, гочдархо а вара. Иза нохчийн литературан бухбиллархойх цхьаъ лору. Тоьллачех нохчийн классикан литературан векал а вара иза. Вуно жима волуш, да-нана доцуш байлахь висарна кхиира иза берийн цIахь. 1930-гӀа шерашкахь «Ленинан некъ» газетехь а, радиохь а болх бан волавелира. Цигахь болхбечу хенахь, драматургийн курсашка а лийлира.
Цуьнан хьалхара байташ арахийцира 1934 шарахь. Хьалхара байтан гулам «Теркан тулгIенаш» араелира 1940-чу шарахь. Цуьнан уггаре гоьяьллачех цхьаъ ю цуьнан поэма «Аслага а, Селихат а». 1941-чу шарахь иза контрреволюцин болх беш ву аьлла дуьххьара чувоьллира. Кхело теллинчул тIаьхьа, бехке вац аьлла арахийцира иза. Цул тIаьхьа цо болхбира Нохч-ГӀалгӀайн яздархойн бертан коьрта хьехамча. Цу хенахь Нохч-ГӀалгӀайн драман театро хӀоттийра цуьнан ши пьеса: «ОьгӀазло» а, «Таллар» а.
Вайнах цӀера бахарна дуьхьал ву аьлла, иза юха а чувоьллира. ХIинца иза Магаданерчу Гулаге хьажийра. Магадехь хан йоккхуш, цо язйина цхьа а байт хууш яц. Набахтера арахецча, иза Казахстане вахара шен доьзалах дIакхетархьама. Иза «Къинхьегаман Байракх» газетан зорбане балха дIахIоьттира.
1957 нохчашна цIа бахка бакъо елча, Нохчийчу юхавийрзира Iаьрби. Ала догIу, кхело хьалха иза бехкевинчу бехках цу шарахь бакъвинехь а, иза реза ца хилира коммунистан партин тоьшаллан кехат юха схьа эца. Компартино шена а, шен къомана тIехь дина тIайзар гоч ца даран тоьшалла хетало иза. Цундела, цуьнан дукха халонаш дан дийзира шен дахаран оьмаран тIаьххьарчу шарахь. Ткъа иза велира шен доттагIчуьнан Абузар Айдамиров Абузаран цIахь.
—> Шайхи Арсанукаев сайт посвященный памяти поэта,писателя
—>
Стихи
Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ»!-
Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь.
Ладог1а цкъа соьга,»хьекъале корта»,
Ладог1а,яккхи д1а лергара потт:
Йистйоцу х1орд санна,бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.
Г1иллакхе,оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш-ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и,шех хуьлий хьан деган мерз!
Мерза бу,моз санна,ша безачунна,
Ламанан шовданал ц1ена бу и.
Лермантовс,Толстойс а ладег1на цуьнга,
Услара даггара хестийна и.
Б1ешараш хийла а ихна и бекаш,
Хьацарлахь,къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.
Вайн халкъан ойланаш,дахар а г1ийла
Далхадеш,къийсамна г1иттина цо.
Нохчочун майралла,оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо!
Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь,декъазниг,-хьо цхьалха ву!
Ларбе мохк,
Хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха,хьайн весет деш,
К1анте д1ало.
Б1ешерийн къийсамехь,
Са санна,лардеш,
Таханенга кхачийна
Вайнехан г1иллакх,
Доттаг1ий хилла вай
Вежарех тарбеш,
Орцанна кхайкхаза
Кхочуш вай хилла.
Лаьмнашкахь даиман
Дина сий Ненан,
Воккханиг лийрина
Жимчо,деш г1уллакх.
Раг1 хьоьгахь ю тахана,
Вас ца еш дена,
Д1аэца цуьнгара
Дайн оьзда г1иллакх.
Ларде и,
Хазде и,
Ца еш мало,
Т1аккха,хьайн весет деш,
К1анте д1ало.
Хазнашлахь хазна ю
Ненан мотт къоман.
Ненан мотт мел беха,
Къам дуьсу даха.
Ткъа нагахь мотт шен лахь,
Къам,лей,д1адолу,
Ненан мотт бицбинарг
Сийсазво наха.
Ларбе мотт,
Хазбе и,
Ца еш мало.
Т1аккха,хьайн весет деш,
К1анте д1ало.
—Догдикчу лаьтта т1ехь—
Тийналла тийна д1а,
Гуш сема г1ан.
Х1аваъ сов дукъделла,
Хехкало,деш ха.
Комаьрша серса т1е
Беттан дог1а,
Когбаккхахь-
1индаг1аш дегадо тешха.
Сийначу дахкарах
Хьаьрчина 1а.
Сан льамнаш,
Б1аьргаш ца боьллуш.
Сема ду къона г1аш-
Хезаш ду схьа,
Забарен шабаршца
Шовда шайх длош.
Мел хаза ду-кха хьо,
Дог дика ду
Б1астенан аьхналло
Къондина латта!
Хьан довха саде1ар
Дог хьостуш ду,
Йозалла яйна дег1
Кийча ду г1атта.
Набкхетта сан эвла
Д1атийна 1а,
Сов к1еда ю цунна
Кху льамнийн г1овла.
Догдика адамаш
Дийшина д1а,
Дийшина туьйранаш,
Яц берийн г1овг1а.
Вог1у сайн бераллин
Лар хьоьшуш со,
Байбелла когаш сан,
Болар сихделла.
Хьоме лар-
Сайн ирса т1евуьгу цо,
Сатийсам,
Бералийн не1 суна елла.
Ц1еххьана бодано
1аьвди сан лаг,
Ц1еххьана цхьа ирча
Сурт х1оьтти хьалха:
Догдикчу кху Лаьттахь
Схьагин цхьа стаг
Воллу кхин стаг хьийзош,
Де эшна,цхьалха.
Цхьанха-ма,
Догдикчу кху Лаьтта т1ехь,
К1ур оьхчу чевнна т1е
Хиъна 1а хьарг1а.
Цхьанхьа-ма,
Догдикчу кху Лаьтта т1ехь,
Эг1аза бер сеци,
Мацалла хьаьг1на.
Цхьанхьа-ма,
Догдикчу кху Лаьтта т1ехь,
Инзаре боккха ницкъ
Долахь шен 1аь1на,
Къиза стаг,
Тийналлех ца хеташ иэхь,
Керла т1ом кечбеш 1а,
Карти т1е таь1на.
Амма и бодане
Б1арлаг1аш яйн:
Юха а беттаса-
Дато нур хьоьрсуш.
Маьршачу тийналло
Садоь1у дайн,
Догдика Латта 1а,
Г1енашка хьоьжуш.