Стихи на чеченском языке ненан мотт

Стихи на чеченском языке ненан мотт

Ахь мичахь 1амийна нохчийн мотт? Дукха къена бу хьан мотт… И хаттар сайга делча цунна дала жоп ца карош ойлане йолура со, х1оккхахь я эццахь аьлла д1адийца х1ума а доцуш… Дикка ойла йича, ткъес санна цхьа ойла къегира… «1ама муха бо шен мотт?! Иза хууш хила ма беза! Иза хьан сица хила ма беза…Т1аккха и са санна къена а хуьлу-кх и… Шен хенал дуккха а т1аьхьа дуьненчу даьлла тишделла са санна къена…». Нохчийн мотт!
Показать полностью. Сан ненан а, ден а, сан ворх1е ден а мотт! Дуккха а дийцина хьох лаьцна, дуккха а хьо хестош иллеш а декийна. Хьан лазам буьйцуш мохь-орца а даьккхина, хьох къахеташ узам а хазийна. Хьан хазаллин, к1оргаллин доза цахилар а дийцина. Еккъа со цхьаъ йисиний те хьох илли даккхаза, хьох йоккхаер дуьненна а д1акхайкхоза аьлла хетало. Хьуна хастаман илли даккхаза… Иллех илли даккхал говзалла яц-кха соьгахь!

Ас х1ун ала хьох, ас х1ун ала хьоь, Нохчийн мотт! Масла1ате къамел дай вайшимма? Масла1ате къамел… Хийла сайн цатам со-сайца литта х1оьттича, ахь соьга деш ма-хиллара, масла1ате къамел… Сахаьдда юьйжи-кх аьлла хетачохь, ахь говзачу лоьро санна дарба деш, со г1аттор а к1еззиг ма ца хилла. Ненан къинхетам санна аьхна ма хилла хьо суна даим а, ден дозалла санна синъайаме а… Хьан куьг а лаьцна ма йоьссина со аганара, хьан озаца ма девзина суна дуьне а. Ма дукха хилла-кх хьох дагайийлар, ма дукха хилла-кх хьох цецйийлар а! Ахь бен кхин цхьамма а лур боцу тешам а, ахь бен кхин цхьамма а хьоьхур доцу гечдар а хьоьгара ма 1емина…Дин а, 1адат а, г1иллакх а хьоьгахула девзина. Эхь-бехк боху дош а хьоьгахь зеделла… Вай кхоьллинчу Даллий, суний бен хаза йиш йоцуш, айса сайца деш долу къамел а хьан озаца дина. Хьан аз ду сайн бехкана къера хила со 1амийнарг, оьг1азло яшийнарг, б1аьрхиш дакъийнарг… цу б1аьрхиш юккъехула со елийнарг а…
Хьан озаца дара кхетамо схьалоцуш дуьххьара Делан ц1е йоккхуш хазар. Тахана санна лерехь лаьтта тхо шена гонах гулделча Дадас беш хилла мукъам: «Дела, Хьо ма веза ву, Хьан Элча ма къобалво, Хьан Элчанца дийцинарг, хабар-къамел мерза ду…» Цул т1аьхьа устазийн хьехамаш, назманаш хьан 1аьнарца дара… Делан Элча (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) керстанаша хьийзавар а, Адам а, Хьава а ялсаманийчуьра арадаккхар а, Ибрах1има шен к1антана Исма1илна урс хьакха кийча хилар а, Аюб-пайхамара лайна цамгаран бала а, жима Юсуп вежарша г1у чу кхоссар а, к1ант вайна б1арзвеллачу Якъуба барзе бехкбаккхар а… масане дара уьш цу исбаьхьчу назманашкахь девзинарг…
Т1аккха киншкашца гергарло тасаделча ма дукха доттаг1ий гулбира ахь! Даиманна а дагахь латта бисина уьш, церан масалш, хьекъале къамелаш… Уьш бара халкъан иллийн, дийцарийн, туьйранийн, исбаьххьаллин киншкийн турпалхой. Т1аккха жимма дахар довза доьлча даста долийра кицанийн, забарийн маь1наш…Цул т1аьхьа байташца гергарло… Масане хези и сих кхеташ, ц1ий кхехкош, ойлане вохуш, юха б1аьрхи доккхуш, дог мокхазал а ч1аг1ден дешнаш…Уьш хьан дешнаш ма дара, нохчийн мотт…Хьан дешнаш, хьан хат1, хьан са…
Цундела, нохчийн мотт, хьо соьгара хастамаш оьшуш ма ца хета суна-м, мелхо а, со ю-кх хьоьгара г1о оьшуш, хьох тийсалуш, хьох хадахь г1орасиз юьсур йолуш… Ахь хьоьстуш схьаялош ма ю со… Ахь адам хила 1амош ма ю… Адамашца таръяла, цаьрца яза 1амош суна ахь хьоьхурш Кунта-Хьаьжин хьехамаера дешнаш ма ду: «Оьг1азечунна т1ехь толам баккха дикаллица а, безамца а. Б1аьрмецигчунна (пис волчунна) т1ехь толам баккха комаьршаллица. Ямартчунна т1ехь толам баккха ц1енчу даггара хиларца. Тешаме воцчунна т1ехь толам баккха тешамца. Къинхетаме, тийна-таь1на, кхечуьнан дуьхьа вала а кийча хила…».
Бохамо хьовзийна г1айг1ане йоьжча, ахь сан лерах тухурш Мохьмадан дешнаш ма ду, хьан тешамечу мурдийн къеггина волчу векала Мамакаев Мохьмада шен даге дечу къамелан дешнаш: «…Ойлано хьо г1елдеш ма ирча хета, дог. Вайн гонна и гича осала хета, дог. Шен г1айг1а ша 1овшар стогалла хета, дог. Къурдашца къежвалар дозалла хета, дог…». Вайн халкъан ерриг а амал схьагайта ницкъ ма кхаьчна оцу дешнашца…
Нохчийн мотт, дукха ду-кх хьан беркатах дийца, хьан сийлаллех кхайкхон… Хьох дан дозалла доцуш а ма яц со, б1аьрг хиларна кхоьру-кх…хьо дош ца хетачийн хьаг1 яхарна а кхоьру!
Хьан лазамаш ца гуш, хьан чевнаш ца лозуш а ма яц со… Уьш хьуна яз ца ян ца юьйцу-кх…хьан даь1наш ца к1аргдан… дарбанна хьоьга хьан дикаллех а дуьйцуш…
Хьо ца безаш, ца хууш волчух йоккхаеш а ма яц со, ас царна не1алташ ца бахарх…Хьо церан не1алтах ларбан, хьан сийлахьчу амална и не1алт марздаларна кхоьруш, хьо цунах ларбан г1ерта-кх…
Цундела хьуна масла1ат лоьху-кх, цкъа мацах, дукха я к1еззиг шераш хьалха, сан некъаш кегалуш, «хиллачийн, хиндолчийн дозанехь цхьаъ цхьалха йисича» сан ненан озаца ахь суна дина масла1ат санна. Дагадог1ий хьуна х1етахь ахь аьлларг? Уггар хьалха хьайна хьуо мила ю хаа, ткъа кхинд1а дерриг а чот яц… И ду-кх сан хьоьга ала а! Ткъа хьуна пебетташ волчо бийриг шена эшам бу, цунна байттамал ала-м хьан орца оьшур ду цунна…
Нохчийн мотт! Декъала ву-кх хьоьца уьйр теснарг! Декъала ву-кх ахь уьйр лаьцнарг…

Источник

Саидов Билал. Ненан мотт

Саидов Билал. Ненан мотт

No media source currently available

Билал Саидов
Ненан мотт

Хьох лаьцна яздина,
Дийца а дийцина.
“Хьайна безахь”,бохуш,
Хьеха а хьо бина.
Хьехорах пайда буй,
Хьо хууш ца хилча?
Хьо бийца хуур дуй,
Хьо безаш ца хилча?
Хьо бийца Iемар вац
Дагна хьо ца безарг.
ЮьхькIайн а лелар вац
Хьо бийца цахуург.
Нехан говра хиъна
Вон бере шех хилла,
Кхардамехь вехар ву
Хьо хийра леринарг.
Хьо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна
Гихь беза мохь бу хьо.
Хьо хууш волчунна
ЖовхIарийн хIонс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.
Хьайн хазнех кхиъначун
Вахарехь ирс ду хьо,
Хьайх хераваьллачун
ДIатесна некъ бу хьо.
Ойла хьайца ечун
Бух боцу хIорд бу хьо,
Кхин толош волчунна
Совбаьлла гIирс бу хьо.
Сан чIогIа дог лозу
Хьо ца хууш волчух,
Амма эхь ца хета
Iамо ца гIертачух.
Суна сайн ца хета
Ненан мотт бицбинарг,
БIаьрга ван ца веза
Кхечух и хийцинарг.
Хьо ца безаш волчо
Шен нана лорур яц,
Ненан сий ца дечо
Мехкан сий лардийр дац.
Ненан мотт ца хаар-
Шен кхерч цаларар ду,
Кхерчан да цахилар-
Маьттаза вахар ду.
Дагах чекх ов доккхуш,
Iовжамен бийцало,
И дог малхах тардеш,
Хьо сирла бийцало.
Харцонан некъ хадош
Буьрса аз ду хьоьца,
Бакъонна некъ боккхуш
Хьехамен хьо буьйцу.
Суна хьох къахета,
Бийца ца хуучо,
Хьайн куьцах бохийна,
Мерза чам талхийча.
Чов хуьлу сан дагна,
Доггах ца безачо,
Шен гIалат дицдина,
Сийсазбеш,бийцича.
Хьайн ненан мотт хаахь,
Ас дозалла до хьох,
Даггара и безахь,
Ас хастам бо хьуна.
ДоттагIа, варийлахь,
Цунах ма херлолахь;
Ненан мотт хьайн бацахь,
Байлахь вуй,хаалахь!

Саи́дов Била́л Саи́дович (1914 шеран 10 июнь, МахкатӀе, Нохчийчоь, Терски область, Российн импери — 1994 шеран 15 ноябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийчоь, Росси) — нохчийн яздархо, поэт, драматург, Нохчийн пачхьалкхан драматически театран актёр а, режиссёр а, Нохчийн пачхьалкхан кеги хьовсархойн театран режиссёр, гочдархо, Нохч-ГӀалгӀайн Республикан а, СССР а (1939) яздархойн союзийн декъашхо, СССР журналистийн Союзан декъашхо (1958).

Источник

Арсанукаев Шайхи. Ненан мотт

Арсанукаев Шайхи. Ненан мотт

No media source currently available

Доьзалехь бийцар а дастам а хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт дIатесна ахь.
«Сов къен бу дешнашна,бац атта кхеташ»!-
Бохуш,и сийсазбан ца хета иэхь.

ЛадогIа цкъа соьга, «хьекъале корта»,
ЛадогIа, яккхи дIа лергара потт:
Йистйоцу хIорд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Мерза бу, моз санна, ша безачунна,
Ламанан шовданал цIена бу и.
Лермонтовс, Толстойс а ладегIна цуьнга,
Услара даггара хестийна и.

БIешараш хийла а ихна и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу.
Кхоьллинчу халкъана хьанала бецаш
Даиман ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн халкъан ойланаш, дахар а гIийла
Далхадеш, къийсамна гIиттина цо.
Нохчочун майралла, оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайниш а санна,
Нохчашна шайн ненан мотт хьоме бу.
Нагахь хьо ца вагIахь хьайн халкъацанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха ву!

Арсанукаев Шайхи вина 1930 шеран 15 августехь Дишни-Веданахь хьуьнан белхахочун Iабдулмуслиман доьзалехь. Исбаьхчу Iаламехь дIадахна поэтан бералла. Схьахетарехь, хIетахь кIентан даг чу йижина Iаламан аьхналла хир ю цуьнан кхоллараллехь исбаьхьчу поэтически сурташкахь вайна гуш ерг.

Да Iабдулмуслим а, нана Цуца а кIантий дешийта лууш хилла. Дика доьшуш юьртара школа чекхъяьккхина Шайхис. 1944 шарахь нохчийн халкъ махках даьккхича, Казахстанан Семипалатински областерчу Новопокровски районе кхаьчна АрсанукаевгIеран доьзал. Кхузахь юккъера школа чекхъяьккхина хинволчу поэта. Цул тIаьхьа 1949 шарахь Семипалатински финансийн техникуме деша воьду Арсанукаев Шайхи. Иза 1952 шарахь чекх а яьккхина, даймахка Нохчийчу цIаверззалц Казахстанехь финансийн органашкахь болх бина. ШайхигIеран доьзал шайн юьрта Дишни-Ведана цIа баьхкина 1958 шарахь. Арсанукаев Шайхи Веданан районан финансови отделан куьйгалхо вохуьйту. Амма школехь волуш дуьйна стихаш язъеш волу Шайхи шен дахар финансийн органашца доьзна Iа лууш вацара. Цо заочно доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн педагогически институтан нохчийн моттий, литературий, оьрсийн моттий, литературий хьоьхуш йолу филологин факультетан отделени. 1965 шарахь Веданан районан «Колхозан дахар» цIе йолчу газетан редакторан заместитель хIоттаво Арсанукаев Шайхи. Оцу даржехь шина шарахь болх бинчул тIаьхьа иза Соьлжа-ГIаларчу Нохч-ГIалгIайн книжни издательствон редакторан балха схьавалийна. Издательствехь кхиамца болх беш волу Арсанукаев Шайхи 1973 шарахь Нохч-ГIалгIайн яздархойн Союзо арахоьцучу «Орга» альманахан коьрта редактор хIоттийна. Цул тIаьхьа, 1986 шарахь Нохч-ГIалгIайн Республикин яздархойн Союзан правленин председатель хаьржина. Цхьайтта шарахь бина цо и хала а, жоьпаллин а болх. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн литературин, фольклоран кафедрехь доцент лаьттина.

Арсанукаев Шайхи кхелхина 2012 шеран 13 мартехь Соьжа-ГIалахь.

Источник

Оцените статью
( Пока оценок нет )
Поделиться с друзьями
Uchenik.top - научные работы и подготовка
0 0 голоса
Article Rating
Подписаться
Уведомить о
guest
0 Комментарий
Старые
Новые Популярные
Межтекстовые Отзывы
Посмотреть все комментарии